Иштачу къонахойх вара, Бух1ан-юртахь вина а, вяхна а волаш, Далкийн 1усманан к1ант, Мохьмад-Хьаьжи а. Халкъа юкъехь "Туркх-Мохьмад" аьлча войзагш вара Далкаев Мохьмад-Хьаьжи. Шен накъосташа , кегирхош а безамца ц1е йокхара Мохьмад-Хьажийн "Мума" олий. Мохьмад-Хьаьж вина 1930 шарахь, (цуо ша кехаташ т1ехь хан к1езиг язйина ву олара, ша 1925-26 шерашкара ву олий).
Мохьмад-Хьаьж, дукх жимаъ волаш, латарца чам марзо а йолаш, ше цхьацца спортивны толамаш а болаш, бокс а, борьба а латарах шен кхачамаш а совг1аташ а долаш къонах вара. Алдерачу Бата-с (тхьамда хилла иза 1944 шарахь ц1ера дахале хьалха дуьйна схьа) Мохьмадна хьехам бина хиллера 28 шо кхячна а волаш Мохьмад-Хьаьжи: Хьан да, туркх а волаш, тхьамда а волаш, нахана а войзаш къонах стаг вара, хьо маццалац лела волла леташ?
Хьо жима вац, хьа маж юкъе къоьжалла кхетта, хьо метта ван веза - аьлла. Цу ийнахь дуьйна схьа ша лелийна некъаш а дитна, Къадарийн т1арикъатана накъост а хилла д1а хоьттан хиллера Мума. Сибрехара нах ц1а бяхканчулла т1аьхьа, Бата 1едало лаца хьовзинера, Колыма вахийта сацам а бина.
Мума берриге а шен ненан вешийн Батийн (цу хенахь Бата 80 - шаре керчана, воккха стаг хиллера) бала шена т1е а ляцна, набахтехь ялх шо а даьккхана ц1а веъча, Мума наха туркх хоттийна хиллера 1967 шарахь. Цу заманчохь дуьйна, туркх а волаш, ша валлалца шен юьрта бала бадийна ляьлла а ца 1аш, мехка а тезеташ а лелош, нахана воьвзанера. Мума-с къайлах лелош ца хиллера ша лелориг. Мумийна улле вала накъостий а боцаш (1едалха кхерам бола дела) шеца Ахтахан Адам а, Тимарсолтин Адам а, Кусийн Сайд-Ахьмад а, Мусийн Вах1ид а, Шелара Юнус а, Валарт1ера Ахьмад а, Шалажера 1умар а ишта к1еззиг нах бен боцаш, хала лелош хиллера цуо Къадарийн болх.
1968 шарахь, Амант ц1е йолаш цхьана зудчуо,, Эртинахь, Хедийн зих1аратана тоьхна амбарны лог1а лом а тесна дохийна зих1арат д1а диллина хиллера. Амант 1едало хьекъална тилла ю аьлла сацам а бина, йитна хиллера. Аманта-с дог1а даькхна а а аьлла, Эртине нах зих1арате бахан хиллера. Гулделла халкъ а долаш, Мума-с Мусийн Вах1ид ха дан х1оттийна хиллера Эртина хьала болачу новкъа, машенахь ву аьлла, нагахь санна 1едал тосалахь, хаам бе аьлла.
Эртанахь 1944 шарахь т1ехьара дина хиллера зикар, цулла т1аьхьа 1968 шо кхаччалца дина а ца хиллера. Мусийн Вах1идна, Веданара охь йог1аш милцойн мотоцикл тоса елла, сихонца машен а хехкана Эртине хьала ваьлла хиллера нахе хаам беш. 46 туркх хиллера цу меттехь шайцани товбанаш а йолаш. И берриге а туркхаш, шай карара туркхан г1ожмаш а, коьртара пясмаш а вахьа а туьйсаш боьвда д1а бахнера цигара. Мума цара вахь тийсина г1ажмаш а пясмаш схьа а гулйина, Вах1идан машен чу а ехкана ц1а вахна хиллера.
Цулла т1аьхьа ша схьа гулйина йола г1ажмаш д1а а йоькъаш х1ора юртарчу туркха не1аре а оьхаш, и г1ажмаш а церан пясмаш а д1а екънера Мума-с. Цу хенахь, дуьйна схьа, мехкан туркх а волаш, ша 2001 шарахь веллалц, схьа веънера туркх Мохьмад-Хьаьжи. Советан 1едало шозза чу воьлна хилла Мума Къадаре т1арийкъат бахьан долаш. Шозлаг1а Мума чу волла хьовзийча, Элистанжой Бола-молла-с, аьллера Мумега: Мума, хьо лаца хьовзийна 1едал, боьха 1едал ду. Айхьа кхи лелор дац али, кехатан куьг а яздай, маьрша зама яллалц, саца веза хьо, кху 1едало хьозор ву хьо - аьлла. Мума-с жопп деллера Болийга:
Бола, хьо-м хьай "Къолу-Малу" баьхна ялсамане ваг1а воллара, амма суна я Къолу ца хаьъа я малу ца хаьъа. Кху чехкачу зикрунца со ялсамане ваг1а витахь - аьлла. Ишта къонахчалла долаш, шена тешаме диллина дерг тешаме а волаш, Далла доьхьал д1а вахна Мума.
Джовх1ар Дудаев-с (Дала геч дойла цунна, Дала г1азот къобал дойла) шена уллехь сецош Джовх1арийн тешаме доттаг1 вара Мума. Ичкерий седа шен некхера д1а ца бяьккхара Мума-с ша коше вилла кеч валлалц. Ишта тешаме вара Мума Зеламхана а, Халидна а (Дала декъал бойла уьзш). 30 октябрехь, 2001 шарахь, Делан мостаг1аша, тезетара кхайкхана д1а а вигна цхьана масла1ате ва веза хьо шайца аьлла, тешна бехкаца, шен ц1ийна хьалха доьаз коьртах тапча а тоьхна, вийра Мума. Зулам дира цара, тешан бехк бира цара, доккха вуо даитара цара Къадаре белхилошка. Мохьмад-Хьаьжи верца, Къадаре балхана питнаш лелоран некъаш д1а дястира цара. "Делан Ля1нат хуьлийла Мума хьуна т1е герз айбинчунна" а бохаш, наха ду1а дийшара цуьнан тезетахь.
Кхераме зама яра иза, луьра хан а яра иза, Мумийн доьзалло "1ад 1е хьара шу нах, шен да,, нахана зулам ша бахьанехь хиларна кхоьраш вара даиман, ма хьойша иза массара а г1аш кешнашка, шуна зулам хиларна кхоьра ша" бохашехь, Мума везаш хилла болчу наха, ах эзар герг адамо айбина, Алдера дуьйна схьа, ворх1-барх1 километр г1аш д1а ваьхьара Мума. Черноречера ара волачохь ляьтташ хиллачу Делан мостаг1ийн постехь ляьтташ болу г1азкхий бойдара цу дийнахь некъ мярша буьташ. Везачарна виц ца велла Мума. Далкаев Мохьмад-Хьаьжи санна къонахий, Дала латта бойла вайна. Дала кхиел йойла цунна зульм диначарна. Дала геч дойла Мохьмад-Хьаьжийна. Дала г1азот къобал дойла хьа Мума.
Источник: www.chechnyaforum.com
18.11.13.