Quantcast
Channel: Главная новость
Viewing all articles
Browse latest Browse all 1375

Хьамзатах дош (НОВОЕ ВИДЕО)

$
0
0

Ткъа цигахь турпала ц1ераш ю летта!

Зама де-дийне мел долу сихлуш д1айоьду. Иза а т1аьхьарчу заманан билгалонех цхьа билгало хета.

Муха долу а ца хууш итт шо д1адели нохчийн къоман сийлахь во1 Гела Хьамзат шен т1еман тобанца, муьжгийн ардангашца къуьйсуш, Аллах1ан новкъахь д1акхелхина (Дала г1азоташ къобал дойла церан).

Х1окху чолхечу муьрехь, схьахетарехь,  кхин а хан – зама еза  Делан новкъахь  д1абахначу къонахийн мах хадо а, хиллачух кхета а.

Вай шуна леринчу видео гайтарехь билгалбовлу Хьамзатан Даймахке, бусалба Уммате болу лазамаш, Г1азота некъаца йоьзна йолу 1алашонаш, иза цуьнан дахаран цхьа м1аьрго бен яцахь а. Х1ара цхьанакхетар хилла шийтта шо хан елахь а, шен къамелехь цо билгалдохуш долу хаттарш тахана а доккха маь1на долуш ду.

Хьамзата шен къамелехь гуттар а сагатдеш  ду вайн къоман орам шо-шере мел долу мостаг1о цесташ г1елбина хилар.  И бахьана ду ямартлонаш алсам йовлуш хилар, амма иза ойланца генахь ву цунна т1етевжина махкаца мостаг1алла лацарна.

Иза дика кхета коьрта ямартло мичара схьайог1уш ю.  Цу ачонех хилла т1е1аткъам бу тахана Нохчийчохь вайна гуш берг, г1иллакх-оьздангалла, бусалба дин меттах1оттадо бохуш, вайнехан синош лай амале дерзо г1ертар. Оцу хьокъе диллича, нохчийн къоман терахьехь кху юкъана санна к1оршаме хьал цкъа а хилла дац.

 

Ма ала белла бу Аллах1ан новкъа д1акхелхинарш,-

Цигахь ду Сийлахьчуьн сецна дош даьлла

Шаьш дийна хеттаберш уьш ма бу белла,

Дег1аста, миска къам дуьненах доьхкинарш…

 

Хьамзат т1емало хилла 1аш вацара, цуьнан дуьненюкъара болу хьиежам дуккха а к1орге бара. Цо шен къамелехь билгалдоккхура вайн толам Къилбаседа Кавказан къаьмнаш къийсаме г1овтарца боьзна хилар. Гуш дара шен къийсамехь ц1ийла дахана лаьтта нохчийн къам кхи д1а гена тоьар ца хилар, Нохчийчохь летта йолу т1еман ц1е Кавказера араяьккхина Муьжгийчохь д1аяржор.  Кхи а гена д1акхевдича, цуьнан ойланаш лаьттара Шема, цунна гонахь долчу мехкашца, Умматан толам а, дендалар а цигара схьа хир ду аьлла, сатийсам хиларна.

Кхолламехь гуттар хуьлуш дац хила ма-веззара во1ана да хьакъ волуш я цуьнца нислуш а. Рустам, Хьамзатан доьзалхо, дика евзаш вара шен ден хилла 1алашонаш. Кхетам болуш ша хилчахьана цуьнан дог-ойла йоьзна яра г1азотан некъаца. Цхьана юкъана иза г1иртира, шен т1еман г1ирс вашта а тоьхна, Нохчийчохь  муджах1идех д1акхета, амма гонахьара дозанаш ч1ог1а къевлина хилар бахьана долуш, цуьнан и аьтто ца белира. Цу заманчохь, Шемахь бусалба наха шайн махкара йовсаршна дуьхьал къийсам д1аболийча, иза цу г1азоте аравалар ц1аьххьана нисделла дацара. Иштта шен йоккха билгало йолуш дара Аллах1а цуьнан ц1енчу нийятана жоп далар: шен доццачу дахарехь, суй санна къегина, Эхарте д1авахар (Дала къинхетам бойла цунах).


Керлачу нохчийн исторехь масала хилла лаьттина бакъболу къонахийн ц1ерш: Шайх Мансур (Ушурма), наиб Бойсаг1ар, обарг Зеламха, Исраил Хьасан, Дудин Джовх1ар … Цара шайн доьзалан, юьртан, тайпан хилла ца 1аш, вайн дерриге а халкъана сагатдеш хилла, уьш санна болчара гойтуш хилла т1ейог1чу т1аьхьенашна, кху лаьтта т1ера  Дала елла йолчу маршонах даьлла,  1есалле ца дерза нийса некъ, цундела латтайо цара вайн синошкахь  йовхо.  Х1ара дуьне мел лаьтта цу сийлахьчу могарехь хир ю Гела Хьамзатан ц1е а.

 

Даймехкан и Йоза дуьххьара дацара:

Маьрша ц1ий хуьйдина г1азотан хьаьтта!

Цу новкъа баханарш бирзина бацара,

Ткъа цигахь турпала ц1ераш ю летта...

 

Д1ахьочу нуьро шен анайист къагий,

Шорлуш го тобанаш Аллах1ан новкъахь.

Дог1ур ду Бакъон Де, биекхам шен оьцуш,

Дайх йисна 1алашо кхочуш а хилла.

 

Везачу Аллах1ан дош ду: мискъалан зарратал дика я вон азаллехь Шен биекхам боцуш дуьтур дац Ша, аьлла. Иза вайна тоам болуш ду. Цундела шеко яц Делан мостаг1ий а, царна хьалхадевлла хьийза йовсарш а ц1армате х1аллакьхир хиларх. Кху маьлха дуьненахь а, эхартахь а  уьш юьхь1аьржа хир бу, Аллах1ан къинхетам шайна боцуш (Дала мукъалахь).

Ткъа бусалбаУмматан сий, Нана-Дег1астан маршо ларъеш д1акхелхина болу вайн йижарий – вежарий Сийлахьчу Аллах1а декъал бойла. Нохчийн къоман иэсехь лаккхарчу т1ег1анехь хир ду церан васташ!

 

 

Гела Хьамзатан ц1арах йолу Джама1ат

Хаамийн урхаллин наиб Зияуддин Идиг-Бенгаро

 

Отдел писем

Chechenews.com

18.03.14.


Viewing all articles
Browse latest Browse all 1375

Trending Articles